Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том. Бенедетти ФранческоЧитать онлайн книгу.
гильдин декъашхо.
I КОРТА
Нохчо
«Нохчо хила хала ду. Иза хьан синан шатайпа хьал ду. Нохчо даима а къиссамехь ву. Амма цо цкъа а йа тIом а, йа къиссам а ца латтийна шен лулахошца. Исторехь цкъа а хилла дац нохчийн къомо цкъа мукъне а шайн лулахошна тIелатар дина аьлла, амма нохчийн даима а дезна шайн Даймохк, шайн культура, шайн Iадаташ, шайн дин бахьнехь къиссам латто. Нохчо даима а шен кхолламан лехамашкахь ву. Иза цкъа а ца веха шена. Цуьнан дахаран маьIна – цуьнан тIаьхье йу. Муьлхха а нохчочунна сийлахь декхара хетта шен берашна цIенош дар, церан дахар дIанисдар а, йаьхь йолу тIаьхье кхиор а.
Нохчо дика доттагIа а ву, амма иштта вуно кхераме мостагIа а ву. Иза атта ца теша. Цо ца белхабо шен эшамаш, мелхо а царех воьлу иза. Нохчочо шен зудчун цIе ца йоккху, нахана хьалха цкъа а шен бер а ца хьосту. Шен дена-нанна хьалха а хьостур дац нохчочо цкъа а шен бер.
Нохчочунна ша веха хIусам даима а хетта йухур йоцу гIап, цундела цо шен цIенна йисте леккха керт хIоттайо. Нохчаша даима лерина терго йо шайн ков-кертан, шайн хIусамехь долчу хьолан, даккхий хилла аренца лелачу шайн берийн цIа дерза лаам хилийта.
Хьост
Мацах дуьйна нохчийн Даймохк Кавказ хилла – Iаьржа а, Таркхойн а шина хIордана юккъахь Iуьллу и исбаьхьа латта. Иза декъалуш ду шина ламанан даккъашца: мелла а лекханиг Къилбаседа агIор долу дукъ ду, цунах Сийлахь Кавказ олу, мелла а лоханиг Къилбера Жима Кавказ олуш дерг ду.
Цу лаьмнийн даккъашкахула чекхвала хала ду. Ламанан басешца йуьткъа тогIеш йу, ткъа цу тогIешкахь охьаоьхуш ду эзар шерийн йохаллера дуьйна шайн некъ баьккхина хилла ламанан татолш.
Къилбехь, Жимачу Кавказана дехьа, Эрмалойн акъари йу – хьекъаш доцучу баьрзнийн и йоккха шорте, ткъа Къилбаседахь, Сийлахь Кавказан когашкахь Iуьллу тайп-тайпанчу къаьмнех йуьзна, йист йоцу шера аре.
Цкъа а ца дешачу лайша хьулдинчу цу ламанийн даккъаша луьстачу хьаннашна тIе кIайн хIоз буьллуш санна сурт хIоттадо. БIаьрг тохийша цу Шат Ломе, цуьнан сийлалле, цуьнан лекхалле. Толкиенан кхоллараллина хьакъ долчу хьолах эцийша марзо.
Ларамза дац, къаьсттина кхузахь кхолладелла хилар Пхьарматах а, Нох Пайхамарах а (Дела реза хуьлда цунна) лаьцна аларш, дийцарш.
Дуьненан йуккъе, Европа а, Ази а, Малхбале а цхьаьнакхеташ йолу шатайпа меттигехь Кавказехь даима гола тухуш хилла дуьненан историн сийлахь йаккхийчу цивилизациша.
Кавказана тIехь олалла дан бакъо къийссина ширачу цивилизациша, царех хIораммо цу исбаьхьа лаьттахь шен лар а йитина – динахь, архитектурехь, топонимикехь.
Дуьненан маьI-маьIIера схьаоьхучу мостагIаша деш долу тIелатарш бахьана долуш, Кавказан къаьмнаш доьлла хилла дуьнен чохь даха даима шайн бакъо къийсса йезаш хиларца.
Цу халачу хьолехь даха Iамарал совнаха, уьш Iеминера доьналлица мостагIашна дуьхьало йан а.
Шайн паргIато а,