Кавказан баххьаш. Горцы. Мзия РатианиЧитать онлайн книгу.
Цуьнан духарца гуш дара иза эла хилар. Массаьрга а лерина хьоьжучу цуьнан бIаьрг Кутина тIехь сецча, велакъажаро сирла йаьккхира цуьнан йуьхь. Кутина а сиха вевзира хьаша. Иза вара гIебартойн эла Клишбиев Аслан. Амма эла хиларо новкъарло ца йора цунна Кутица нийсса обаргалла лело.
– Сан хьоме доттагIа, хьо ГIебартахь ву, ткъа суна иза массарел а тIаьхьа бен ца хиъна – реза воцуш, корта лестабора цо Кута мара а вуьллуш. – Суна хаьа шу цхьаъ дагадеана лелаш дуй. Тешна ву со йуьстах вуьссур ца хиларах – элира Аслана Кутин лере а теIаш.
– Суна хаьара, хьо сайна кхузахь карор вуй – велакъежира Кута Аслане а хьоьжуш. – Ма ала хьайна хIинца а нускал ца карийна – забарца хьийзавора цо Аслан – вола Ахия волчу, къамел дийр ду вай.
– Дала мукъ лахь кхана со хир ву-кх шу долчохь – гIебартойн эла ша чоьхьа ма веллира, иштта цIеххьана гIовгIанца араваьлла дIавахара.
Къоначу ламанхочо говза йеттачу вотанан гIовгIанца ийнера кертара схьахезачу кехат-пондаран мукъам. Ловзаран майда сиха дIайуьзира адамех.
Хахка кечдина дой санна, хелхарехь дIалелха кийча лаьттара къона ламанхой. ХIоранна а лаьара хелхаран гуоне шен езар кхойкхуш, кийра буьзна синхаам Кавказан хелхаран маттаца цуьнга дIабийца.
Кута ловзаре хьажа паргIат гIанта охьахиира, шен накъостий шайн гIуллакхаш дина бовллалц.
Ахиян ваша Кута паргIат дIатарвелла Iаш вуй а гина, йуха а шайн цIийнан хьаша сван волчу агIор дIаведира. Сванан аьтто хуьлуш бацара шен йезаре вистхила.
Лаьмнийн ламаст лардеш, ловзарехь духхьара хелхар къаночун дара. Шен хенан воккхалле ца хьоьжуш, аьрзу санна тIемаш айдина, каде хьийзара хелхарехь воккха стаг, амма хIете а безаман гураша лаьцначеран санна цуьнан ойла кхехкаш ца хилар гуш дара. Ткъа лаьмнийн йоI ша хи тIехула нека ден гIургIаз санна тIам ойбуш хьийзара хелхарехь.
Къаночун хенан ларам беш, цо меллаша боккхура ког, цундела къано мелла а каде хетара хелхаран гуонехь. Воккхачу стеган сий деш, массо а гIаьттира, хелха бовлурш къена эла а, хазаллица цIейаххана йолу Фатика а ма дара.
Корара ара хьаьжча, Кутина гуш дара ловзаран гуонехь лаьттачу мехкарийн сибаташ. Сихделла доьдура самукъне ловзар, хIоранна а лаьара Фатика хелха йаьккха. Бакъ долуш, иза массо а йоьIал хаза а йара кху ловзарехь.
Шена тIевеанчу цхьаьна балкхархочуьнца къамел деш лаьттачу Кутина хезира кертахь цIеххьана йаьлла гIовгIа. Корах арахьаьжначу обаргана гира куьйгаш лестош цхьаьна ламанхочуьнца дов даьлла лаьтта Асхат. Шеца къамел деш хиллачуьнга бехк ца биллар а дехна, Кута сиха аравелира. Кхузахь дуьхь-дуьхьал хIоьттина ши тоба йара. Букъа тIехьа сван лаьттачу Ахиян шина вешина дуьхьал хIоьттинера балкхархойн йоккха тоба, ткъа массо а ламанхойн карахь хантIехь кхозучу шаьлтанийн мукъ бара. Муьлхха а мIаьргонехь цIий Iана тарлора.
Балкхархоша сване Фатика шега маре йогIур йу аьлла деллачу дашах мокъа йита бохура. Ткъа тобанна йукъара цхьаммо-м Делах дуй биира ша Фатика сване дIайуьгуьйтур йац аьлла. Ткъа биъна дуй хууш ма-хиллара цIийца бен цIанлуш