Кавказан баххьаш. Горцы. Мзия РатианиЧитать онлайн книгу.
Паччахьан Россехь обаргалла чIогIа даьржина дара, обаргех лаьцначу дийцарийн хьокъехь Россин интеллигенцина хетарг тайп-тайпана дара. Дукха хьолахь обаргаш Iедална дуьхьал бевлла зуламхой лорура, ткъа бахархошна уьш халкъан чIирхой хетара. Обаргех йуьзна йара йерриге а Кавказ. Уьш массанхьа а бара: Гуьржехь, Азербайджанехь, Дагестанехь, Нохчийчоьхь, ГIалгIайчохь, ХIирийчохь, ГIебартахь, Балкхарехь, Кхарачахь, Адыгеяхь. Паччахьан заманахь шен цIейаххана йевзаш йолчу «Кавказ а, Поволжье а» цIе йолчу книгахь Цаликов Ахьмада йаздо обаргех лаьцна.
Къардинчу къаьмнашца Паччахьан Iедалан йолу мостагIаллин йукъаметттигаша а, халкъашна тIехь цу Iедало латточу къизаллас а ца бевлла Iазапхошна дуьхьал гIиттабора обаргаш. Муха дагадогIур дац нохчийн халкъан турпалхочо Шерипов Асланбека Кавказан ламанхойн а, Паччахьан Iедалан а йукъаметтигийн хьокъехь аьлларг: «Iедало кхерийна къам, ткъа Iедал кхерийна обаргаша». ХIунда кхолладелла ишта хьал? Ма-дарра аьлча, Кавказехь Паччахьан администрацис кхоьллина йолчу урхаллин системас тидаме оьцура къарбала ца туьгучу ламанхойн ламасташ, Iадаташ, дин, ткъа церан дахаре болу хьежамаш къаьсташ хуьлура Iедалан хьежамашца.
Советан Iедалан муьрехь Кавказан обаргех лаьцна дукха йаздархоша йаздина. Иштта, 1930-чу шарахь хIирийчо Гатуев Дзахос зорбане йаьккхина «Зеламха» цIе йолу документальни повесть. Иза цо кхоьллинера Ленинградан, Москван, Соьлжа-ГIалин, архивашкара Iаламат дукха кехаташ толлуш, Зеламха вевзаш хиллачу нахаца цхьаьнакхетарш дIахьош. 1938-чу шарахь кхарачойн къомера волчу Хубиев Османа йазйина «Обарг» цIе йолу повесть, 1957-чу шарахь адыга Керашев Тембота зорбане йаьккхина иштта «Обарг» цIе йолу шен повесть», 1978-чу шарахь зорбане йаьлла гIебарточун Шортанов Аскербин «Ламанхой» цIе йолу роман, 198I-чу шарахь Мамакаев Мохьмада йазйина «Зеламха» цIе йолу роман.
ЦIейаххана вевзаш хилла волу обарг Зеламха цо шен романехь гайтина социальни нийсо къуьссуш волу халкъан чIирхо санна. Обарган доьналла мах хадийна ца валлал лаккхара ду, амма цо тейпанийн йукъаметтигашна а, иштта Паччахьан Iедална а тоссуш бу и кхерам, ткъа и Iедал шайгахь мел лаккхара доьналла а, майралла а хиллехь, обаргийн хийца ницкъ бацара.
Социальни революцишкахула и Iедал хийцича бен аьтто бер бацара Iазапхоша дуьне гатдиначу къоман дахар хийца. Ишта йаздора историкаша а шайн Iилманан белхашкахь.
Амма билгал ца даккха йиш йац, тайп-тайпанчу регионашкахь карарчу хенахь социальни-экономически лард билгалйеш йолу йохка-эцаран йукъаметтигаша цкъачуна нах социальни нийсоне кхачийна бац, мелхо а цара адам декъна, харцонан керла кепаш кхоьллина, адамна тIехь къайлахь латточу Iазапан кепаш билгалйевлла, къоьлла гучуйаьлла. Социальни даI даларо керла обаргалла гучуйалийта мел оьшу хьелаш ду кхуллуш.
Заманан йохалла Кавказан йаздархошна дицделла халкъана тIехь лаьтта социальни даI. Ткъа 2019-чу шарахь, цIеххьана вайн тиламе йолу дас а, йоьIа а Ратиани Мурмана а, Ратиани Мзияс йазйина «Горцы», ткъа карарчу хенахь нохчийн матте «Кавказан баххьаш» – аьлла цIе туьллуш, гочйина, зорбане йаьлла хIара роман.
Ала