Кавказан баххьаш. Горцы. Мзия РатианиЧитать онлайн книгу.
вара хьеший ган. Йуьрта йисте уьш кхоччушшехь царна дуьхьал хьевдира, маьхьарий детташ, шортта бераш. Диллинчу даккхийчу кевнашкахула Мачутадзе эланан керта велира Кута. Бере динара вуссушшехь, адамаша гуо бира цуьнан:
– Кута, кхузахь Мачутадзе тайпанера нах бу хьуна бехаш. Кху хIусамехь хьуна цхьа а кхерам хир бац хьуна – элира элас, обарг чоьхьа а воккхуш. Гуьржишна тамашийна хетара турпалхо санна халкълахь вуьйцуш волу обарг хаьнтIахь доьхка а, шаьлта а йоцуш ган. Ца хаьара царна ши шо кхаьчна бен воцучу гуьржийн жимачу кIантехь дуй нохчийн обарга хийла нийссо къиссина хилла дато хIур биллина герз.
Уьш цунна гуо бина лаьттара.
– Сан хьомениш! – куьйг айдира элас, тийналла йоьхуш. – Вайн хьаша цхьанхьа а дIавоьдуш вац! Иза гена некъ бина чIогIа гIелвелла ву. Цо жимма садеIча, вай тIаккха шортта хан йоккхур йу цуьнца – дегайовхонца вистхилира иза шен гергарчу нахе.
Нохчийн обарган и майра а, хаза а сибат ган сатесна хиллачу нехан гуонера Кута халла мокъа ваьккхира Александра.
Арахь Iаржйеллера дикка садоьIна волу обарг элас къегина чиркхаш догучу йокххачу зал чу ваьккхича. Йоккхачу стоьла хьалха лаьттачу нажан дечигах дина, цIен баргIат тоьхначу даккхийчу гIанташкахь Iаш вара масех стаг. Царна йуккъехь, уггаре а лекхачу гIантахь хиъна Iара георгиевски жаIарш некха тIехь а долуш, кIайн чоа а доьхна цхьа къена ламанхо.
Накъостий чоьхьабевлча, стоьла хьалха Iаш болу ламанхой хьалагIевттира, ткъа къано меттах ца волуш Iаш вара, леррина обарге а хьоьжуш.
Шатайпа дара нохчочун васт – лекха, зоьртала дегI, доьхканца къевлина йоцу йуьткъа гIодайукъ, Iаьржачу тIаьрсиган лекха эткаш.
Генарчу махкара веана векал санна вара иза.
Александра Кута воккхачу стагана тIевигира, ткъа иза пилан кIайчу даьIахках бина мукъ болу шаьлтанна тIе куьйг а дуьллуш, дегI нисдеш хьалагIаьттира.
– ХIара сан деваша Николай ву, Мачутадзе тейпанан коьртехь ву хIара, уггаре а воккхаха а ву – вовзийтира иза Александра.
– Ткъа хIара нохчийн обарг, сан доттагIа Кута ву! – обарг вовзийтира Александра шен девешина.
– Довта-МартантIера Кута! – куьйг кховдийра нохчочо гуьржийн къеначу элане.
Цуьнан куьйг дIа а ца хоьцуш, Мачутадзе леррина хьоьжура цуьнга:
– Суна чIогIа хазахета хьо гина а, вевзина а – кIеда вистхилира иза. Хьох лаьцна дукха диканиг дуьйцу Гуьржийн махкахь, цундела массарна а лаьара хьо ган. – Куьйг дIа а ца хоьцуш, шена улло охьахаийра цо обарг.
– Хьо герз карахь доцуш шайна гича, гуьржишна хьо мазгIар ву моьттира – велавелира къано. Ткъа цул тIаьхьа уллохь лаьттачу ламанхойх цхьаъ шена тIекхайкхира. Цо къеначу элане дIакховдийра цIечу баргIатана йукъахьарчийна ларча.
– Кута, хьо герз доцуш гича, хьо обарг хиларах теша хала ду тхуна – элира элас, шега схьакховдийна ларча дIа а йостуш. Цу йукъахь Iуьллура детийца кхийлина доьхка а, гуьржийн говзанчаша йина шаьлта а, шен хумпIарчохь оьрсийн эпсарийн тапча а.
– Ахь гуьржийн эланан кIантана совгIат дина хилар