Эротические рассказы

Кавказан баххьаш. Горцы. Мзия РатианиЧитать онлайн книгу.

Кавказан баххьаш. Горцы - Мзия Ратиани


Скачать книгу
а, цхьалла а. Обаргийн вежараллийн уьйраш, уьш вовшашна орцане гIовттар йу кху книгин коьрта башхалла а, кIоргечу чулацаман цхьа агIо а. Автора доккхачу литературни похIмаллица а, исбаьхьаллица а довзийтина коьртачу турпалхочун – нохчийн обарган Кутин васт. Иза къиссамах, цIий Iанорах хьаьгна, хьере зуламхо вац, иза халкъан чIирхо ву. Цуьнан коьрта лехам – нийсо йу. Цу нийсонан новкъахь лела хаьа цунна.

      Ала деза, заманан майданехь шена дуьхьал Iоттавеллачу муьлххачу а къомера а, динера а, даржера а волчу стагаца бийца мотт карийна цунна, шен ойла а, ша арабаьккхина некъ бовзийта а хиъна. Кутин ламастехь дацара гIийлачунна тIехь ницкъ бар, иштачу ницкъашна дуьхьало йан даима а доьналла хилла цуьнгахь. Дашца а, гIуллакхца а нийсо къуьссуш хилла иза даима. Цо цкъа а ца къестийна къаьмнаш. Мискачу стеган орца а, мекара мостагIан кхерам а хилла лелла ву обарг. Цуьнан сирла васт дуьненан тIегIанехь дийца хьакъ ду. Билгалдаккха деза, иза бекхаман новкъа валаран коьрта бахьана а. Йезарца шовданехь лаьтташ хиллачу жимачу стаге ца ладеллера нуьцкъала шен махка а кхаьчна, шен къомана тIехь олалла дан гIертачу бийца бух боцучу, мостагIаша, шайн боьхачу ламастехь ма-хиллара нохчийн йоккхачу стагана йина гIело.

      Исбаьхьа хазачу нохчийн матто дашо хIур биллина пхьегIа санна хазйина хIара книга. Къаьсттина билгалдаккха деза, нохчийн мотт кху дуьненчуьра муьлхха а мукъамца богIуш хилар, цу маттахь аьлла муьлхха а дош шатайпа чулацаме доьрзий хазлуш хилар. Ойла йе йешархо, хьайн ненан меттан бекаре, тIаккха хьуна хьайн Даймехкан васт гур ду – ламанца даима а йекхна хуьлу Iуьйре, мелачу мохо безамца хьоьсту хьан дерриге а дегI. Моттало и Iуьйренан хIаваъ ахь куьйг Iоьттича хьуна хаалуш ду. Йуьртан цIенойн тхевнаштIехула меллаша бIаьрг тоьхча цкъа хьалха гучуболу ламанийн кIажехь Iуьллу луьстачу хьаннийн и сийна хIорд, ткъа цул тIаьхьа хьан бIаьргаш хьоьстуш и сурт лакхене долу, кхин а леккха, кхин а лекха гучудовлу замано къеждинчу нохчийн ламанийн баххьаш. Ламанан луьстачу хьаннийн и баьццара дуьне самадоккху олхазарийн зевнечу иллеша а, дашочу маьлхан зIаьнарша а.

      Цу хьаннашка бIаьрг тоьхча хетало малх хIора а дитте маршалла хоттуш бу, хIунда аьлча цуьнан зIаьнарш ца кхочуш ца дуьссу цу хьуьнхахь цхьа а дитт. Хьаннаша хьулдинчу лаьмнашна тIехьара гучудовлу ло санна кIайчу лаьмнийн баххьаш. Уьш кхарел лекхох ду, хетало цара сийначу стиглахь мархашца цхьаьна нека до. Хетало и мархаш лаьмнашка бахначу безамо стигланца къастийна церан кортошка йиссийна. Дагалецамийн эшарехь цхьа тамашийна мукъам хеза. Цу мукъамехь гIайгIа хазахетарца хийцалора, цу мукъамо чаккхе йоцуш хестайора Iаламан сийлалла. Хетало и мукъам лаьмнаша йазбина бу. Цо тоьшалла дора Iаламан лаккхале адам кхочур ца хиларан.

      Цхьаьна а илланчан похIма тоьур дац, шен мукъамехь хазийта хIаваан къамел а, гIа-патарийн шабарш а, чIург йетташ догIучу шовданан декар а, ламанан чIожехь чухецаделла цкъа Терках кхетта, йуха Таркхойн хIордан сийначу тулгIешца дIаэ хьаьгначу Органан и буьрса гIовгIа а. И ша дерриге а гайта а, хазийта


Скачать книгу
Яндекс.Метрика