Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь. Мзия РатианиЧитать онлайн книгу.
хилар. Нохчийн меттан хIора а дош кIоргера чулацам а, маьIна а долуш ду. Нохчаша шайн маттахь йитина тIаьхьенна йовр йоцу лар – дуьненан да Дела хилар тешош. Цундела и Дела воцург шайн коьртехь цхьа а гина вац царна цкъа а, цундела ца хиъна царна цкъа а цхьанна а къарбала – йа паччахьан Iедална а, йа аренца тIелеташ хиллачу мостагIашна а, йа къизачу советски политически ражана а.
Нохчочо орамца хадош ду шен тайпанехь а, тукхумехь а ша санна волчу маьрша стагана тIехь олалла дар. Нохчаллехь каро мегар ду хьекъалан, динан бух. Цу буха тIехь кхуллуш хилла къомо шен кхане, нохчаллас къагош хилла цу къоман дахаран некъ.
ХIара книга йешча хуур ду Кавказ цкъа а акха ца хиллий, мелхо а адамаллин а, син-оьздангаллин а масала иза хиллий. Нагахь санна Рим а, цуьнан бакъо а, иштта кхин йолу дуьненан пачхьалкхаллин кепаш а нохчийн Iадатаца дустича, мел дукха хIума Iамо дезар дара царна. ШарIанан бакъонаш а, Iадатан лехамаш а мах боцу хазна йу. Шен дахарехь царна тIетевжаш волчу ламанхочо цкъа а дийр дац зулам.
Адам син-оьздангаллехь кхиорехь Iаламат йоккха меттиг дIалоцу матто, цундела шеко йоцуш ала мегар ду, ишта маьрша, кIоргера мотт болчу къома цкъа а ца айайтина шена тIе шед. Цуьнан тоьшалла ду кху книган хьалхарчу а, шолг1ачу а томашкахь коьрта чулацам хилла кийсаг – къоначу элас тоьхна шед ца ладеллачу нохчочо динарг. Синхаамийн шорте цу маттаца ца хилча, къоман кхетам къен хуьлу. Тайп-тайпанчу меттанашах кхоллабелла болу мотт заманан йохалла бовр бу, иштта ша кхолла гIиртина къам а дIада кхераме ду.
ТкъолгIачу бIешеран йохаллехь Дела вац бохуш хиллачу къомо хIун ойла кховдор йу дуьненна? Хир буй цуьнан дахаре болу хьежамаш сирла а, цIена а? Иштачу къомо дуьненна зен бен дийр дац, цуьнгара синтем а, паргIато а хир йац цхьанна а. Цуьнан даима а лаам хир бу кегийчу къаьмнашна тIехь олалла дан, цу къаьмнийн барт бохош, уьш дохийна даржо, уьш шех дозуш хилийта.
Паччахьан Iедалан къиза а, боьха а хилла политика кхайкхаза хьаша хилла, герзан ницкъаца кхечира Кавказе, шеца зулам а доьхуш. Цу Iаьржачу ницкъаша Кавказан хийла къаьмнаш хIаллак дира. Маьрша адам лайн амале дерзо гIиртиначу цу Iедало бен доцуш цIий Iанийнера Кавказехь. Цуьнан Iалашо цхьаъ йара адаман кхетам кагба, цу адамна ша цхьаммо дола дан дезаш долу дийнат ду моьттийта.
Мел чIогIа ницкъ болу пачхьалкхаш а мацца йоьхна а йухур йу, шаьш дуьненан дай хеттарш белла дIабевлла, амма чаккхе йоцуш йу хир йу бартаца, нийсонца дахар кхуллучу къаьмнаша дуьнен чохь йуьтур йолу лар. Нийсонан бакъонаш йоцучу махкахь даима а коьртехь ницкъ а, ахча а хир ду, цундела ишта пачхьалкхан даима Iалашо хир йу нехан маршо дIакхалла, цуьнан сурсатех а, Iаламех а шена пайда оьцуш. Иштачу ницкъашна дуьхьало йалур йац кIиллошка. Боккъалла а кIоргера кхетам а, майра дегнаш а долчеран бен аьтто бер бац шайн сирла ойла дуьненна кховдош, къиссам латто.
Ширачу заманехь дуьйна даима а мостагIашца латточу къиссамехь кхиъна йу нохчийн къоман лаккхара син-оьздангалла, доьналла, шайн Даймахкана – Кавказана муьтIахь хилар.