Кавказан баххьаш. III том. Обарган новкъахь. Мзия РатианиЧитать онлайн книгу.
санна хазйина хIара книга. Къаьсттина билгалдаккха деза, нохчийн мотт кху дуьненчуьра муьлхха а мукъамца богIуш хилар, цу маттахь аьлла муьлхха а дош шатайпа чулацаме доьрзий хазлуш хилар. Ойла йе йешархо, хьайн ненан меттан бекаре, тIаккха хьуна хьайн Даймехкан васт гур ду – ламанца даима а йекхна хуьлу Iуьйре, мелачу мохо безамца хьоьсту хьан дерриге а дегI. Моттало и Iуьйренан хIаваъ ахь куьйг Iоьттича хьуна хаалуш ду. Йуьртан цIенойн тхевнаштIехула меллаша бIаьрг тоьхча цкъа хьалха гучуболу ламанийн кIажехь Iуьллу луьстачу хьаннийн и сийна хIорд, ткъа цул тIаьхьа хьан бIаьргаш хьоьстуш и сурт лакхене долу, кхин а леккха, кхин а лекха гучудовлу замано къеждинчу нохчийн ламанийн баххьаш. Ламанан луьстачу хьаннийн и баьццара дуьне самадоккху олхазарийн зевнечу иллеша а, дашочу маьлхан зIаьнарша а.
Цу хьаннашка бIаьрг тоьхча хетало малх хIора а дитте маршалла хоттуш бу, хIунда аьлча цуьнан зIаьнарш ца кхочуш ца дуьссу цу хьуьнхахь цхьа а дитт. Хьаннаша хьулдинчу лаьмнашна тIехьара гучудовлу ло санна кIайчу лаьмнийн баххьаш. Уьш кхарел лекхох ду, хетало цара сийначу стиглахь мархашца цхьаьна нека до. Хетало и мархаш лаьмнашка бахначу безамо стигланца къастийна церан кортошка йиссийна. Дагалецамийн эшарехь цхьа тамашийна мукъам хеза. Цу мукъамехь гIайгIа хазахетарца хийцалора, цу мукъамо чаккхе йоцуш хестайора Iаламан сийлалла. Хетало и мукъам лаьмнаша йазбина бу. Цо тоьшалла дора Iаламан лаккхале адам кхочур ца хиларан.
Цхьаьна а илланчан похIма тоьур дац, шен мукъамехь хазийта хIаваан къамел а, гIа-патарийн шабарш а, чIург йетташ догIучу шовданан декар а, ламанан чIожехь чухецаделла цкъа Терках кхетта, йуха Таркхойн хIордан сийначу тулгIешца дIаэ хьаьгначу Органан и буьрса гIовгIа а. И ша дерриге а гайта а, хазийта а аьтто хир бац цхьаьна а сурт диллархочун а, йа илланчин а. И тайпа хазачу маттахь довзийтина долу Кавказан хаза гIиллакхаш дагах ца кхетийла йац.
ХIара книга шеко йоцуш мехала дакъа ду нохчийн литература кхиорехь а, Iалашйарехь а. Къаьсттина билгалдаккха деза, нохчийн меттан хазалла кху книгин агIонашкахь йовзийтиначу гочдархочун корматалла лаккхара хилар. ХIора а кийсаг шатайпа дагах кхеташ, ша зевне мукъам санна йека лерехь. ЧIир, къиссам, цIий Iанор, къизалла, амма цу дерригенна а йуккъахь, Кавказан оьздаллица, кIоргера нохчийн маттахь кху агIонашкахь бовзийтина сирла безам. Масала, кхарачойн эла Бекмирзас нохчийн обарге шен дагара дийцар:
«Кута! Суна чIогIа эхь-м хета хьоьга иза дIаала, амма сан бехк болуш хIума дац иза. Безам бахна сан. БерхIиттара ваьллачу жимхина санна йоI йезаелла суна, цу безамо дIалаьцна сан берриге а кхетам. Со мичча а вахча а, хьаьнца а къамел деш хилча а, хуьлийла со цIахь йа, ломахь, йа хьуьнхахь, йа доьзалан гуонехь, доттагIашца шуьнехь, йа мостагIашца болчу къиссамехь, сан ойланашкахь цуьнан сибат бен кхин хIумма а дац. Де а буьйса а, вижар а, гIаттар а доцуш лелаш ву со. Цуьнан и исбаьхьа хаза амат ша барзана тIаьхьа ваьлла иччархо санна суна тIаьхьа даьлла лелаш ду.
Ас даима а лоьху и амат – гIенахь а самах