Эротические рассказы

Кавказан баххьаш. Горцы. Мзия РатианиЧитать онлайн книгу.

Кавказан баххьаш. Горцы - Мзия Ратиани


Скачать книгу
йада гIоьртина цу нохчочун зуда Бурунтуша дукъа тIехьа йолуш, шелонах гIорийна йелла. Дийна виссина волу и жима кIант элас закъалтана лаьцна ша волчохь сецош ву. Заманан йохалла суна хезна дацара кавказхоша зударшца а, берашца а тIом бо аьлла. Со кIантана тIаьхьа веана. Иза шен цIа верзо веза, шен гергарчу нахе дIавала веза.

      Обарг паргIат вистхуьлуш хиллехь а, амма цуьнан доьналлех дуьзначу сибатана тIехьаьжча а гуш дара, иза ша аьллачунна тIера цкъа а вер волуш воций.

      – Суна хезна цунах лаьцна. Соьга дийцира и хаттар къасто гIерташ эла Ратиани ву аьлла. Цкъа мацах бIо булуш хилла и ГелованигIеран элийн тайпа тахана дикка гIелделла ду, амма шайн йаьхьах доьхна дац. Амма ма-дарра аьлча чуьра ара а ца волуш, массарех а дIакъовлавелла волчу Иликон коьртехь хIун ду хууш Дела ша воцург цхьа а вац – ойла йеш вара хIусамда.

      – Татархан, хIара тахана сингаттаме волу нохчо суна ваша санна ву хьуна. Кху дахарехь Iедало а, ахчано а гIо ца дечу хенахь, дош лелаш волчу Кутех хуьлу сан мокхаза гIортор. Ас хIумма а шеко йоцуш эр ду хьоьга, цо и кIант йа дийна йа велла цу йийсарера маьрша воккхур ву хьуна. Со ца хьоьгу хьуна кхунна новкъарло еш дуьхьал вер волчунах а. Цундела хьайн ницкъ кхочург де и гIуллакх маьрша дIадерзо. КIант воцуш кху махкара дIадаха йиш йолуш дац хьуна тхо – кхарачойн эланна лаьара шаьш кхуза кхачаран мехаллех Татархан кхетийта.

      Къамел деш уьш Iачу хенахь кертара белхалочо хаам бира Татарханан ваша веъна аьлла.

      – Кхуза чоьхьавала ала цуьнга – элира хIусамдас.

      Жимма хан йаьлча, чоьхьа велира тIеман духар а долуш, майор цIе лелош волу Джансуг. Оьрсийша-м Георгий олура цунах. Шен вееш корта а таIийна, цо кхарачочуьнга куьйг кховдийра:

      – Муха Iаш ду шу, эла? ХIинца-м хьо волчу ца вогIуш Iийр вац хьуна со – велакъежара иза, ткъа йуха цо Куте куьйг кховдийра.

      – Джансуг, девзаш хир ду шу! ХIара Нохчийчуьр сан уллера накъост ву – вовзийтира Ислама вешина шен доттагIа. Джансуг вешина улло охьахиира. Дадешкелиани вежарий шайн хьешашна дуьххьал Iаш бара. Ислама а, Татархана а хоьттура эпсаре цуьнан гIуллакхаш муха ду, тIеман урхаллера керлачух лаьцна. Цаьрца къамел деш волу иза кӀелдӀашхула нохчочуьнга хьоьжура. ткъа цIеххьана шена хантIе кхозучу тепчан мукъа тIе куьйг а дуьллуш иза хьалаиккхира:

      – Со вала велла! Кута ма ву иза! – йоккхуш йерг шен цIе йоцуш санна меттаха ца волуш Iаш волчу нохчочунна тIера бIаьрг ца боккхура эпсара.

      – Мила Кута? – цецваьлла хьоьжура шен веше Татархан.

      – Нохчийн обарг Кута ву-кх! – шен ваша ша дуьйцучух ца кхетарна оьгIаз оьхура Джансуг.

      – Хьуна вевза иза? – йуха а цецваларца веше хаттар дира Ислама.

      – Вай хьанна ца вевза иза? – цIеххьана мохь беттачуьра соцуш, меллаша жоп делира Джансуга.

      – Ма эхь ду иза! Суна-м ца воьвзу иза – цхьаъ дагадеана леррина нохчочуьнга хьоьжура эпсар.

      – Со кхуза чоьхьа воллушшехь и сайна мичахь гина те бохуш, цуьнан терго еш Iаш вара со – велакъажарца стоьла хьалхара гIоттуш, хьешашна тIеволавелира эпсар, ткъа йуха Куте куьйг кховдош, цо элира:

      – Буро


Скачать книгу
Яндекс.Метрика